Рамазан беттан денош кхабале хьалха Шавваль беттан ялх марха кхабар
ФикъхӀ · Нохчийн · 1:04 · 27 марта 2026 г.
АллахӀ реза хила шуна, лераме шейх. Мисрара волу ИсмаьӀил Мухьаммада хаттар ло: «Цхьана стага Рамадан баттахь, шариӀато магийна бахьана долуш, маскх де марха дитина. Ткъа мегар дуй цунна Шавваль беттан ялх марха кхаба, шен Рамазан беттан денош кхабале хьалха? Жоп лохьара аш сан хаттарна». Шейха элира: «ХӀан-хӀа, и ялх де кхабар кхочуш хир дац, нагахь цо Рамазан беттан денош доькхаш тӀекхабахь бен. И бохург ду: нагахь цунна тӀехь Рамадан беттан цхьа де я дуккха денош делахь, цо Шавваль беттан ялх марха кхаба йиш яц, и денош доькхаш кхабаллац. ХӀунда аьлча, Пайхамара (салла